Самоанализ урока по чеченскому языку .


Нохчийн меттан урокан самоанализ
5-г1а класс
Урокан ц1е: Ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар.
Урокан тайпа: Мультимедиа юкъаялорца хаарш шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок
Хьехаран кеп: Белхан жигара кепаш юкъаялорца лехаме урок. Шина тобано вовшашца къовсаме болх д1абахьаран урок (урок - исследование, урок-соревнование).
Сайна хьалха аса х1иттийнера х1ара 1алашонаш:
Ц1ердашах болу кхетам шорбар, царах пайдаэца 1амор.
Лексиконан барам совбаккхар.
Ц1ердешнаш далош , дустаран кепехь дешнийн маь1наш таллар.
Логически (маь1нин) ойла яр а, иэс а кхиор; кхоллараллин пох1ма кхиор.
Могашалла ларъян езаран ойла кхиор.
1аламе а, ненан матте а безам кхиор.
Урокехь ас юкъаялийра барта, практически, гайтаме, мультимедийни методаш.
Урок белхан тайп-тайпана кепаш юкъаялорца д1аяьхьира: тобанашкахь болх, массо а дешархочо дакъалоцу болх, капитанашца шаьш бен болх, тобано вовше хаттарш ло болх, дифференцированни болх.
Аудитори шина тобане йийкъира, ц1ерш техкина. Урок чекхъяллалц бохург санна, царна юкъахь д1абаьхьира самукъане а, къовсаме а болх.
Къовсам д1аболийра урокан ц1е яккхийта кечдинчу х1етал-металан г1оьнца. Цул т1аьхьа «кицанех левзира». И болх тобанашкахь, цхьацца дешархочуьнца (шина капитанца) д1абаьхьира. Цул т1аьхьа тидаме лецира шина тобанна юккъе з1е тасаран болх.
Урокана юкъа ца ялийча нийса хир дацара аьлла, керла методаш а юкъаялийра ас: синквейн , кластер (зезаг-к1айдарг).Кластеран г1оьнца карлаехийра ц1ердешан граммтически билгалонаш.Карладаккхар т1еч1аг1деш ловзаран кепехь дара дуккха а т1едахкарш.
Поэзи дукхаезаш хиларна, йиц ца елира стихотворени юкъаяло, цу т1ехь ц1ердешнийн г1оьнца меттан исбаьхьалла гойтуш хилар билгалдаккха.

Цул т1аьхьа гергарло тесира кхечу предметашца.
Жигара а, чехка а, лехаме а белхаш бинчул т1аьхьа могашаллин ойла ян еза аьлла, юкъаялийра физминот.
Т1екхечи рефлекси ян еза минот. К1айдарган г1оьнца карладаьккхира дийцинарг. Билгалдаьккхира шайна керла девзинарг, пайдениг, самукъане хеттарг.
Ас хаьржина болу урокан х1оттам (структура), цуьнан чулацам пайдехьа, эвсаре хилла, х1иттийна 1алашонаш кхочушъярехь.
Урокан 1алашонаш кхочушхилла аьлла, хета суна.


Приложенные файлы


Добавить комментарий